| Дала вайна хIун тIедожадо? | Урок 12 |
Дахар а, цIий а ларар |
|
| Вай муха хьовса деза дахаре а? (1) бер дIадакхийтаре а? (1) | |
| Делан гIуллакххой муха гIерта кхерам боцуш баха? (2) | |
| Акхарой яйа мегаш дуй? (3) | |
| Муьлха амалаш гойту дахар ца ларар? (4) | |
| Делан Iедал цIийх лаьцна муха ду? (5) | |
| ЦIий доттар мага дой цу Iедало? (6) | |
1 Иегова —дахар Лушверг ву. Массо са долу хIумма шай дахарца Делан декхаре ду (Псалом 35:10). Дахар Делан хьалха деза ду. Кийрахь хила дола дела беран дахар, Иегован деза ду. Хаа хууш кийрахь кхуьуш долу бер дер — Делан хьалха зулам ду (Исход 21:22, 23; Псалом 126:3).
2. Бакъа болу Делан гIуллакххой кхерам боцуш баха гIерта. Уьш гIерта шайн машенашкахь дIасхьалелаш ларлуш хила, шайн цIеношкахь маьрша даха а (Второзаконие 22:8). Делан гIуллакххоша лардо шайн дахар, царна ца оьшу кхераме самукъадакхарш а, марзо эцарша. Цундела цара ца леладо ницкъ беш долу спортан тайпанаш, цу юкъахь адамашна хаа хууш вон до. Уьш ницкъ беш долу самукъадийларшахь къехка (Псалом 10:5; Иоанна 13:35). 3. Иштта Кхоллархона хьалха акхарой дахар деза ду. Делан гIуллакххошна акхарой ен мега юучунна а, тIеюхучунна а, иштта саца ян цамгарша а, кхераме ца хилийта (Бытие 3:21; 9:3; Исход 21:28). Амма спортивни лаамца самукъадокххуш акхарой яйа, я царна вон дара — нийса дац (Притчи 12:10). 4. Делан гIуллакххошан цигаьрка озар, марзо оьцуш наркотикаш лела ян мегар дац. И массо хIумма дан — вон ду, хIунда аьлча иштта амалаш 1) лай во, 2) дегI талха а до, 3) цIена а дац (Римлянам 6:19; 12:1; 2 Коринфянам 7:1). ЧIогIа хала ду и амалаш йита. Амма и дан деза, нагахь санна Иеговин муьтIахь хила лаахь. 5. ЦIий, Делан хьалха деза ду. Дала боху, са, я дахар — цIийца ду. ЦIий юург санна даа нийса дац. Нагахь санна йийна хIуман чура цIий дика охьадагIана ца даьллахь цуьнан жижиг даа мегаш дац. Нагахь санна акхаро садукьадела я гуран юккъе лаьцна еллаьхь, иза яа мегар яц. Нагахь санна гоьмукъ Iоьттина я топ тоьхан йийнахь, акхарой чура цIий сиха охьадагIийта деза, тIаккха бен иза яа мегаш яц (Бытие 9:3, 4; Левит 17:13, 14; Деяния 15:28, 29). 6. ЦIий дотта мегаш дуй? Дагахь латта де: Иеговас тIедожадина вайна, цIийх юхаозалуш хилар. Цуьна маьIна ду, вай декхаре дац цхьана тайпан шен дегIан доттийта кхечу адамий цIий я вайгар схаьэцна дерг, я цхьанхьа лардеш латтадинарг а (Деяния 21:25). Цундела Делан бакъ болу гIуллакххой цIий доттийта доьхьал бу. Уьш реза бу кхечу тайпана дарба леладан, масала йоттийта цIий доцу молханаш. Делан гIуллакххошна даха лаьа, амма Делан Iедалаш дохадеш уьш шай дахар ларда гIертар бац. (Матфея 16:25). |
||
Арахецна 2006 чу шарахь |
|
Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved. |
|