ХААМ ДЕРРИГДУЬНЕНАН
Аьшпийн дин хIун ду? Сагат дой ахь динан цIерах деш долчу зуламашна? Муха хета хьуна нийсо йоцуш беш болу тIемаший, теракташий юкъахь дакъа лоцу, шаьш Делан гIуллакхдеш бу бохучара? Сагат дой ахь шаьш динах тешаш бу бохурш бохкабаларна? Дукхах хуьлуш болчу баланаший бехк дин тIехь хIунда бу?
Хуьлуш долчу зуламий бехк массо динашан тIехь бац, амма аьшпийн дин тIехь бу. Iийса пайхамар, дукхах тешаш болчара, кIорггера лоруш волу аьлла, ашпийн дин тера ду дахкделла диттах «ло вон стоьмаш» (Матфея 7:15—17). Муьлхах стоьмаш ло аьшпийн дино?

ТIЕМАШАН А ПОЛИТИКАН ЮКЪЕ ДАКЪА ЛОЦУ. «Ерриге Азеххьий санна кхин дIайолу меттигашкахь, динан куьйгалхоша эхь ца хеташ тешаш болчарах шай гIуллакхан пайда оьцу», — дуьйцу журнал «Эйшауик» тIехь. Кхин дIа цу тIехь хаам бо: «Вай дуьне дола долуш хьердолуш ду». Цхьан гIараваьлла волу американски динан гIуллакххочо аьлла: «Террористаш бай а беза, саца дан церан зуламаш». И муха дан деза боху цо? «ХIаллакбан беза уьш массо Делан цIерах!» — цо кхайхам бина. Амма Деза Йозанаш тIехь дуьйцу: «Бохушверг: „Суна Дела веза“, амма шен ваша ца везашверг иза аьшпашбуьттург ву» (1 Иоанна 4:20). Цул сов Iийса пайхамар аьлла: — «Хьайн мостагIий безаш хила» (Матфея 5:44). Дукха динаш карор дуй тIемаш юкъахь дакъа ца лоцуш долу?
ДIАСАДАРЖА ДО АЬШПИЙН IАМАДАРШ. Дукхах долчу динаш Iамадо са — иза цагуш ницкъ бу, стаг лечу хенахь цуьнан дегI дIакъастин кхин дIадеха. Цу Iамадарахь, динан гIуллакххоша пайда оьцу, белчарна тIера доIанаш деш, ахча дохуш. Амма Деза Йозанаш тIехь дуьйцу кхиндерг, са ле (Иезекииль 18:4). Дийна болчарна хаа шаьш лийра дуй, белчарна хIума ца хаа (Екклессиаст 9:5). Iийса пайхамар Iамадина, белларш денбин хир бу, ца оьшуш долу хIума ду иза делла адамийн са леш ца хилча (Иоанна 11:11—25). Iамадой хьан дино, са ца ле бохуш?
МОГУЬЙТУ СЕКСУАЛЬНИ ЛЕЛАРШ. Дукхах йолу махкашкахь гомосексуалисташ хIутту динан гIуллакххой, цара тIедожадо правительстван гомосексуалисташа юкъахь йолу бракаш магийтар. Кхин долу динаш луьйш болу сексуальни леларшан, могуьйту шай динан куьйгалхошан бераш сексуальни леладар. Стенах лаьцна Iамадо Деза Йозанаш? Цу тIехь кхеташ аьлла ду: «Iеха ма лолаш. Нахаца лелашберш а ... божаршца лелаш болу божарий а ... Делан Пачхьалкхе кхочур бац» (1 Коринфянам 6:9, 10). Хьуна хаий динаш, паргIат хоьжуш болу сексуальни леларшка?
ХIун хир ду бахкабелла стоьмаш луш долчу динашах? Iийса пайхамар дIахьедина: «Муьлха а дитт, дика стоьмаш ца луш долу, бух докхи цIере кхуссу» (Матфея 7:19). ХIокху дешнаш гойту, аьшпийн дин тIепаз дайина а хIаьллакдина хир ду! Амма муха а маца хир долуш ду иза? Цунна жоп луш ду 17-чу, 18-чу, корташ тIехь Деза Йозанийн Откровени книган тIехь.
«Латта тIера пачхьалкхаш» ладугIуш ю аьшпийн дине.
«Арадала цу юкъера сан халкъ»
Ойла ел: кхераме акхаро букъ тIехь хиан Iаш ю нахаца лелашерг. Цу акхаро ворх корта а итт маIа ю (Откровение 17:1—4). Мила ю и нахаца лелашерг? «Латта тIера пачхьалкхаш» ладугIушерг ю иза. Цо тIейохна хIума таьIна–цIен, тIехь лелаеш ю хаза хьожа а чIогIа хьал долуш ю. Кхин тIе шен спиритизмаца «цо тила до массо халкъаш» (Откровение 17:18; 18:12, 13, 23). Деза Йозанаш вайн кхетам беш гIо до, нахаца лелашерг ю — дуьненан импери аьшпийн дин. Цу юкъе доьдушдерг къастан цхьа дин дац, амма ша дерриге динаш ду, луш долу дахкаделла стоьмаш.
Акхаро тIе хиина йолу нахаца лелашерг, и ю политически импери (Откровение 17:10—13). Аьшпийн дин тIе хиан Iаш ду цу политически акхарон, гIерташ цуьнга ша бохучунга ладогIийта куьйгалла дан лууш.
Амма кеста хир бу инзаре хийцамаш. Деза Йозанаш тIехь аьлла ду: «Итт маIа хьуна гина йолу, акхарон а — царна бIаьргаяезар яц нахаца лелашерг, хIаллакйийр ю и, ерзин йоккхур ю, дегI дуур ду цуьнан, яга а йийр ю цIерца» (Откровение 17:16). Цаьхьана кхIу дуьненан правительстваш къиза тIекхетар ю цу аьшпийн дин, ша ерриге хIаллакйийр ю! Цера хIун бахьан хир ду и дар? Деза Йозаний Откровени книган тIехь дуьйцу: «Дала дегнашан тIедуьллура ду царна кхочуш яйта шен ойла» (Откровение 17:17). Иштта магар, Дала жопе кхойкхур ду аьшпийн дин дерриге цара дин долу зуламаш тIехула шен цIарах. Шен нийса нийсонца лелаш, Дала пайда оьцур бу цуьнан политически везаргашкахула, кхочуш йийр ю шен кхел.
Ахь хIун дан деза нагахь санна аьшпийн дин хин дерг хьайна хуьлийла ца лаахь? «Арадала цу юкъера, сан халкъ», — кхайкхам бо Делан малико (Откровение 18:4). ХIинца ю хан аьшпийн дин юкъера аравала! Амма мичахь лаха еза кIелхьарвала меттиг? Атеизме ваха веза? Амма цуьнан яц тIахье (2 Фессалоник. 1:6—9). Цхьаъ бакъ долу дин бен дац кIелхьарвалар. Муха довзар ду и бакъ долу дин?
Муьлха дика стоьмаш бан беза бакъ долу дино? (Мафея 7:17).

БЕЗАМЦА ДОВЗУШ ХУЬЛА. Бакъ болу Делан гIуллакххой «кху дуньенах бац». Царна юкъахь къоман къастамаш бац. Царна юкъахь безам бу (Иоанна 13:35; 17:16; Деяния 10:34, 35). ХIуъа хилахь а цара цкъа а адамаш дойур дац (1 Иоанна 3:16).
ТЕШАШ ДУ ДЕЛАН ДЕШАХ. Бакъ долу дино ца Iамадо «динан гIиллакхаш» а «адамийн Iамадарш» а — цо ша долу шен Iамадарший бух схьаоьцу Делан Дош тIера (Матфея 15:6—9). ХIунда? Деза Йозанаш яздешболчарна ойланаш елла Дала, цундела иза пайдехь ду, Iама во, гучавоккха, нийса во (2 Тимофею 3:16).
ЧIАГIБО ДОЬЗАЛАШ, ЛЕЛАДО ЦIЕНА ГIУЛЛАКХАШ А, ЦIЕНА ОЙЛАНАШ ЙО. Бакъ долу дино кхойку божарашка «шай зудари беза, шен дегIнаш санна», зударашна цо гIо до Iама «кIорггера лара шен майра», бераш Iамадо дега–нене ладогIа (Эфесянам 5:28, 33; 6:1). Кхин тIе, динан куьйгалдеш болчара, шаьш гайта деза цIена шай гIуллакхаш тIехь (1 Тимофею 3:1—10).
Иштта тIедождинарг кхочуш деш цхьаъ а дин дуй? Цхьан книган тIехь арахецна йолу 2001–чу шарахь дуьйцу: «Дукхах долу адамаш хилча Iаш а, Iамадеш а Иеговин Тоьшалхой санна, дуьнено дукха адамаш хIаллакдин хир дацар» (Holocaust Politics).
Иегован Тоьшалхой хаам бин ца Iаш Деза Йозанийн Iедалаш 235-махкашкахь а, дакъанашкахь, амма шаьш и Iедалаш леладо. Оха кхойку хьога Иегован Тоьшалхошка хатта, хIун тIедожадо Дала, Iама цуьнан лаам бан! ХIинца ю хан дуьйладала. Ледар хила мегар дац. Аьшпийн дин чекхдалар юххе ду! (Софония 2:2, 3).
Арахецна 2006 чу шарахь |